Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гІаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». Нагахь цхьаннан дегІа тІехь сурх а яьлла, иза дІайирзинехь, Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло. Сан дегІ кІомарех а, нІаьнех а хьаладуьзна, дегІа тІера чкъор эттІа, ткъа цу чевнашна ноткъа йина. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. «Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а.
Выбор основного перевода