Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дІа а гІур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дІа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цІе!» И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Іиттарш а ца йина. Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама, со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса. Іесанаш сайна хьалха мел бу, сайн бат дІасацор ю аса. Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гІуллакх лардехьа, сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа. Беркатечу хенахь воккхаве, ткъа гІайгІане еанчу хенахь ойланаш е. И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду, адаме цкъа а талла ца ло ша кхелхинчул тІаьхьа шех хиндерг. Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цІарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий. Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.
Выбор основного перевода