Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш. Суна чохь цІена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа. Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дІахІиттина, оха мел дина бакъахьара гІуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гІа санна, маргІалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дІахьо тхо. Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай.
Выбор основного перевода