Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». ЦІеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду. Сан дахаран денойх кІезиг бен дисна дац те? ДІаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта, Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш санна бен дац. Сан оьмар Хьуна гергахь хІумма а йоцург ю. Билггал, хІора стеган дахар хІо санна бен дац-кх. Дагадаийтахьа, мел доца ду сан дахаран денош. Эрналлин дуьхьа кхоьллина те Ахьа адамаш? ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума.
Выбор основного перевода