Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те? Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те? Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Везачу Элан бІаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гІуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бІаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хІоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггІург дІало.
Выбор основного перевода