Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хІумма а ца хаьа, дуьнен тІехь долу тхан дахар, ІиндагІ санна, сихло. Сан бІаьргаш балано талхийна, сан дегІ ІиндагІ санна ду. Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Адамийн денош а, тІеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а. Къайладолуш долу ІиндагІ санна, худавелла дІаволуш ву со. ЦІоз санна, дІачехош ву со. Хьанна хаьа, хІун дикаха ду адамна шен, ІиндагІ санна, дІауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кІел дІакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг? Озо боху: «ДІакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХІун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. ХІунда аьлча аьлла ду: «ХІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу,
Выбор основного перевода