Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. Цуьнан тІаьхье Ас гуттаренна а латтор ю, стигал мел лаьтта, лаьттар ду цуьнан паччахьан гІант а. Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. ТІаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. Иза а аьлла, юха а тІетуьйхира Іийсас: «Вайн доттагІа ЛаІзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду». Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахІоттор ду аьлларг тІекхаччалц йолчу ханна Іийса стигалахь хир ву. Цул тІаьхьа суна гира йоккха кІайн басахь йолу Іарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. Керла стигал а, керла латта а гира суна, хІунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хІинца дІадаьллера. ХІорд а кхин бацара.
Выбор основного перевода