Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тІехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву. «Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагІчунна а чІогІа оьгІазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела. Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса». ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра.
Выбор основного перевода