Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугІерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара. Эццахь ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе хІара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тІе. Иза ялта цІандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац. Везачу Эло боху: «Аса дІасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дІасаяржош йолу кегаш санна. Эпрайман халкъ кхидолчу Исраилан халкъашна юкъахь дебнехь а, малхбалера онда мох схьахьоькхур бу. Везачу Элан мох яьссачу аренгара схьабогІур бу. Эпрайман халкъан шовда дакъалур ду, цуьнан хьоста а лекъар ду. Оцу мохо талхор ду сайрана чохь долу массо а деза сурсаташ.
Выбор основного перевода