Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элана лерина сагІа доккхучу метте тІулгаш хІиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо. Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза. Цо жоп делира: «ВогІу. Со Везачу Элан дуьхьа сагІа даккха вогІуш ву. Делан дуьхьа дІа а къастий, соьца сагІа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кІентий а Далла хьалха дІахІоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагІа доккхучу. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. Хьайн куьг дІа а кховдадай, цуьнан даьІахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бІаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!» Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса».
Выбор основного перевода