Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш, сийлалла лакхадолучу адамах. Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цІе хастаме хуьлийла. Иза а гІайгІане бала бу. Ша дуьненна чу ма-валлара, иштта дІа а гІур ву стаг. Ткъа хІун буьсун болу пайда хуьлу цунна, ша еккъа Іаьнаран дуьхьа къахьоьгуш хилча? «Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц, кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела! Даим а, массо а хІуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан цІарах. массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела. ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Выбор основного перевода