Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Эли-ЯхІу волчуьра дІа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цІе латийра цо, цу тІехь стерчийн жижиг даттархьама. ТІаккха и жижиг нахана дІасадийкъира ЭлишаІа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаІ, Эли-ЯхІуна тІаьхьа а хІоьттина, цунна гІуллакх а деш, цуьнца вахара. Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. Веза Эла, Хьан тамашийначу хІуманашна стигалша хастам бо, Хьан тешаме хилар а Хьан дезачу маликийн гуламехь хастадо. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла. И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира. ТІаккха стигалахь чІогІа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХІинца Дала вай кІелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тІекхаьчна. Цо леррина Къобалвинчун олалла а тІедеана! ХІунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха вайн динан вежарий бехке а ийзош, уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.
Выбор основного перевода