Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгІазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цІе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цІеро. Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доІа а дина, цІе дІаяйра. Цу меттигах ТабІера элира (иза «цІе латар» бохучух тера ду), хІунда аьлча Везачу Элан цІе летира халкъана юкъахь цигахь. Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. ТІаккха паччахьо кхин а цхьа тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а вахийтира Эли-ЯхІуна тІе. Оцу тІемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!» Эли-ЯхІус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. Іесачарна тІе догуш долу кІегий а, саьмгал а, догІа санна, охьаІанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.
Выбор основного перевода