Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІарон дІакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гІалахь, шен да ТІахьир дуьненчохь а волуш. ТІаккха ТІахьир, шеца шен кІант Ибрам, шен кІентан ХІаронан кІант ЛутІа а, нус Сарет а (шен кІентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гІалара КанаІан-махка ваха аравелира. Амма ХІаран-гІала кхаьчча, цигахь севцира уьш. Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Уьш хила безара шайн догІмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Іилма Іамо кхетам а болуш, Іилма девзаш а болуш, кІорггера хьекъал а долуш, паччахьан цІа чохь гІуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Іамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.
Выбор основного перевода