Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. ТІаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду». цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кІелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кІелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. Царна юкъахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а хилча а, – дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, Хьалдолчу Эло, – цара шайн дахар доцург, шайн берийн дахар а кІелхьардоккхур дацара. Сан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш цара шайн дахар бен кІелхьардоккхур дацара». Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.
Выбор основного перевода