Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ма лаьар-кх суна дІадахана беттанаш духадоьрзийла, Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла, Цуьнан къуьда сан коьрта тІехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан! Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тІекаре сан хІусамехь йолчу хенахь. Нуьцкъала Дела соьца вара, сан бераш а дара суна уллохь. Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тІехь, ткъа тарха тІера охьаоьхуш зайтдаьтта дара. нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь, сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь, qac Кqac*Іелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш. Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш, Цуьнан некъашца лелаш волу стаг! Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза.
Выбор основного перевода