Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн мостагІашна дуьхьал тІом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гІудалкхаш, тІемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хІунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дІабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаІанхой шерачу арахь а, тогІи чохь а Іаш бу. Церан аьчках йина тІеман гІудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Іаш берш а, ИзраІал-тогІи чохь Іаш берш а тІеман гІудалкхаш йолуш бу». Амма ЮшаІа элира Юсупан тІаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Іийр дац шун: ламанан мохк шун хир бу. Цу тІехь хьун елахь а, аш иза дІацІанбийр бу, тІаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаІанхой дІалохкур бу, церан аьчка гІудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а». Веза Эла ЯхІуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хІунда аьлча цаьргахь аьчка гІудалкхаш яра. Сисрин эчигах йина исс бІе гІудалкх яра. Цо ткъа шарахь чІогІа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира. Цо цуьнгара цхьа эзар ворхІ бІе бере а, ткъа эзар тІемало а схьаваьккхира. Шен гІудалкхашна хьалха дІайожа бІе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.
Выбор основного перевода