Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаІанхой, хьетахой, гІиргІашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дІабелира уьш. Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тІе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Іедашца а дина дацара иза. Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо.
Выбор основного перевода