Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегІ долу а Іаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Іаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“ Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. Кхузара дІа Дибар-гІалин бахархошна тІелетира иза. (Цу гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра. Цигара бевлча, яхІудхой Дибар-гІалин бахархошна тІелата бахара (Дибар-гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоІ Іахисат маре дІалур ю аса». Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниала и гІала схьаяьккхира. ТІаккха Килаба цуьнга шен йоІ Іахисат маре дІаелира. Іотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоІ вир тІера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?» Іахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегІаб-аре ахьа суна елла, хІинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дІаделира цо цунна.
Выбор основного перевода