Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. Амма Хьешбон-гІалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тІехула вай чекхдовлийта, хІунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чІагІдира, хІинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дІавалархьама. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. Хьайн некъаш тІера тхо гал хІунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чІогІа тхан дегнаш чІагІ хІунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа. Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
Выбор основного перевода