Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ТІаьхьенна гуттаренна а делла латта дІасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина. Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хІоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта. Кхаж а тосуш, латта дІасадекъа. ХІора гаранна, шен тайпанан ден цІаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дІасадоькъур ду». Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошка, тІе а дуьллуш, иштта дІаала: „КанаІан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хІорш ду: ХІара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаІан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий.
Выбор основного перевода