Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акъареш тІера а, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаІа. Церан паччахьаш хІаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тІе-ма-диллара. Кхадеш-БарнаьІара Іази-гІала кхаччалц а, дерриг ГІашан цІе йолу латта а, ур-атталла ГавІон-гІалина тІекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаІа. къилбаседехьа лаьмнаш тІехь Іаш болчу паччахьашна а, Іариба-тогІи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агІор Іаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Іаш болчу паччахьашна а тІе.
Выбор основного перевода