Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта. Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира.
Выбор основного перевода