Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маданхой а, Іамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Іаш бара. Уьш, цІоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хІордан йистехь йолу гІум санна, ягарлур йоцуш дукха яра. Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
Выбор основного перевода