Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, кхана хІоккху хенахь исраилхошка хІаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гІудалкхаш а ягае». Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тІера охьавоьссира.
Выбор основного перевода