Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гІаттий, пирІунна тІе а гІой, дІаала цуьнга: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, боху: ‘ДІахеца Сан халкъ цуьнга Суна Іибадат дайта. ХІинца Ас Сайн дерриг а таІзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тІе, Соьга кхочуш дуьнен тІехь цхьа а воцийла хьуна хаийта. Сан куьг шуна тІехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тІера дІадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. Амма хьо хІинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дІа ца хоьцуш. Цундела Ас кхана, хІоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тІе къора а кхетта, уьш хІаллакьхир ду’“». Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирІунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цІеношкахь дІагулдира. Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тІе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тІе къора кхетар ю». Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. Къора яра схьайогІуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тІе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чІогІа къора яра иза. Арахь дерг адамна тІера даьхнина тІе кхаччалц хІаллакдира къорано, буц а дІаяьккхира, дитташ а кегдира. Амма исраилхой Іаш болчохь, ГІашанахь, къора ца туьйхира. Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагІа тІелатар я тІом баллалц. Цо хІаваэрачу Іаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира. Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира. Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Выбор основного перевода