Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза». Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Царах ма кхера, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тІом беш ву“». Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаІа, хІунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тІом беш вара. Цул тІаьхьа ЮшаІ а, берриш исраилхойн тІемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира. Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тІом беш. Шух цхьаммо эзар стаг дІаэккхаво, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тІом беш, Ша шуьга ма-аллара. Цо элира: «Массо а яхІудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхІушапти-паччахь, ладогІалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хІунда аьлча и тІом шун бац, иза Делан тІом бу. Ткъа хІинца аша бан ца беза и тІом. Шу, дІа а хІиттий, хьоьжуш Іе шайна Везачу Элера хир долчу кІелхьардовларе. ЯхІудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву». „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тІера маьлхан ІиндагІ итт тІегІанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тІегІанна юхабелира малх.
Выбор основного перевода