Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо. Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. Царна юкъадогІуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегІаб а. ЮшаІа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Іаш бара хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
Выбор основного перевода