Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн таррашца гІали чохь дийна долу хІума дерриг а хІаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагІий а, варраш а. Юха гІала а, цу чохь долу хІума а цІергахь дагийра. Дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Іамал ечу меттиган хазни чу ехкира. ГІалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агІор болчу шайн мостагІашна юккъехь бисира ГІай-гІалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хІаллакбира исраилхоша. Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаІа, ГІай-гІалин массо а вахархо хІаллакваллалц. Даьхни а, гІали чуьра схьаэцна хІонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаІана тІе-ма-диллара. ГІай-гІала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаІа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Іуьллуш ю и гІала. ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю. Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чІагІо йира ЮшаІа. Исраилхойн тхьамданаша а чІагІо йира царна.
Выбор основного перевода