Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІетахь ас ЮшаІе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бІаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна. Дагадаийталаш шайн бІаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гІуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дІакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна. ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дІабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а».
Выбор основного перевода