Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Хьуна аьтту агІор ву Веза Эла. Ша оьгІазваханчу дийнахь паччахьаш хІаллакбийр бу Цо. Лакхахь Іаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гІала Цо лахйира. Лаьтта тІекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гІала йожийтира. ГІело хьегначийн гІулчаша а, мискачу нехан когаша а хьоьшуш ю и гІала. Іесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кІел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода