Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгІазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан! ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира: «ЛадогІа соьга, Дауд-паччахьан тІаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу? Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. «Туьрах кІелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дІадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». Ас царна тІедиллинера, шайна хьалхара боьха цІуш дІабаха, шаьш мисархойн цІуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву! Иза Аса дира, хІунда аьлча Исраилан халкъо Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дІа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бІаьргашца шайн дайн цІушна тІегІерташ а бара уьш. Цигахь шуна дагадогІур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хІуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш. ТІаккха дагадогІур ду шуна шаьш дІакхехьна долу вон некъаш а, шаьш дина долу вонаш а. Цул тІаьхьа шаьш шайх дог дер ду шун шаьш летийна къинош а, дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. И дийнаташ Везачу Элана хьалха дІахІиттаде. Динан дайша, царна тІе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду.
Выбор основного перевода