Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тІе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дІалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла». Шу туьро хІаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таІзар дийр ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тІедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тІелаьцна бакъонаш аша ларйора“».
Выбор основного перевода