Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дибон-Гадера дІа а бахана, Іалмун-Диблатайм цІе йолчу меттигехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт. Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана». «Адаман кІант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тІе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тІе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хІаллакдийр дара. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву.
Выбор основного перевода