Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гІала, Іожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгІа долу дакъа мостагІийн туьро хІаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгІа долу дакъа Аса массо а маьІІе дІасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагІий а бохуьйтур бу. «Карахь тарраш долу мостагІий гІалина арахь бу, ткъа Іожаллин ун а, мацалла а гІалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гІалина чоьхьа берш мацалло а, Іожаллин уьно а хІаллакбийр бу. Велха, узарш а деш, адаман кІант, хІунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хІаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тІе куьйгаш а детташ. Ткъа ахьа, адаман кІант, Соьгара хаам бе, куьйгаш вовшах а детташ. Тур шозза а, кхузза а охьадожийта, и тур адамаш дайъийта лерина ду, доккхачу хІаллакдарна а лерина ду, иза гонах хьийзаш ма ду, Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна,
Выбор основного перевода