Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, дІадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьІахкех юьзира. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьІахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьІахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю.
Выбор основного перевода