Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Іаннашка а, тогІешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгІазвахарца а дІабохуш ду хІара, хІунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода