Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант! Мисархойн паччахь волчу пирІуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дІаала: „Хьайн сийлахь хиларца хьо хьаьнца нисво ахьа? И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах. «Адаман кІант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дІадига, коше дІабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хІаллакбина, охьа а бехкина, Іохкуш бу цигахь“.
Выбор основного перевода