Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах.
Выбор основного перевода