Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хІинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кІелахь а, мотт-гІайба хилла, нІаьний хир ду, хьуна тІехула а, юргІа хилла, нІаьний хир ду. Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тІе кхерам тийсинарг, гІаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цІа ца хецнарг?“ Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Іохкуш бу, хІора а шен къубба чохь Іуьллуш ву. Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жІаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“». «Адаман кІант! Мисархойн паччахь волчу пирІуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дІаала: „Хьайн сийлахь хиларца хьо хьаьнца нисво ахьа? Иштта, Іеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хІинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дІахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тІемашкахь хІаллакбина болчаьрца а цхьаьна Іуьллур ду. Иза хир ду пирІунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Іохкуш бац. ХІорш шайн герзаца дІабоьхкина, церан тарраш церан гІовлангахь Іохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьІахкашна тІехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Іадийнера. Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тІемалой бара, ткъа хІинца туьро хІаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Іохкуш бу.
Выбор основного перевода