Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. ХІаллакбина Іохкучарна юкъахь Іейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Іохкуш хІаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хІаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а, хІинца цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. ХІаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш. Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хІаллакбина а бу, хІунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора. Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Іохкуш бац. ХІорш шайн герзаца дІабоьхкина, церан тарраш церан гІовлангахь Іохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьІахкашна тІехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Іадийнера. «ПирІуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Іададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хІаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дІабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода