Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Іохкуш бу, хІора а шен къубба чохь Іуьллуш ву. Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Цуьнан кІентий байа меттиг кечъе. Уьш хІаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гІовтта а гІевттина, латта дІа ма лацийта, дуьне гІаланех хьала ма дузийта». Бавел зуьнашна дІалур ю, цигахь уьшал хІоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дІайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода