Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гІуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дІа а ца дойуш. Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхІоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тІехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гІанташ тІера гІиттийна цо. Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гІорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“ Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гІортораш хІаллакьхир ю, южур ю цуьнан сийлалла а, дІадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а, Мигдолана тІера Савейна тІе кхаччалц массо а туьро вожор ву’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тІе цІе а хьажийна, цуьнан гІортораш хІаллакьхиллачул тІаьхьа. Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Іохкуш бац. ХІорш шайн герзаца дІабоьхкина, церан тарраш церан гІовлангахь Іохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьІахкашна тІехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Іадийнера. ХІаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирІунна дІагича, цунна синхьаам хир бу и хІаллакбина нах бахьана долуш, хІунда аьлча пирІун а, цуьнан эскар а туьро хІаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «ПирІуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Іададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хІаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дІабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода