Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Цаьрца цхьаьна бугІанаш а, старгІанаш а, стерчий а охьаоьгур ду, церан цІий лаьттах чекхдер ду, церан махьаро чан яшор ю. Везачу Эло бекхам баран де а, мостагІех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гІуллакх лардийр ду Цо. Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дІахІуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. Дийнахь а, буса а дІа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кІур хир бу цунна тІера хьалаоьхуш. Массо а тІейогІучу тІаьхьенехь дІатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гІур вац цунна тІехула дІа. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. Баьччанех цхьа а вуьсур вац цигахь, махкана тІехь паччахьалла дан кхайкха, берриг а цигара элий дІабевр бу. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. БухІано, бен а бина, тевна хиъна, хІоаш дохур ду цигахь. Ша даьхна кІорнеш шен тІемийн ІиндагІехь лардийр ду цо. Маккхалш а гуллур ю цигахь цхьаъ вукхунна тІаьххье. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац. Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Іаш болу зударий а Сох тешна Іан мегар ду». Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу! Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тІе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тІамца чугІорта. Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду. Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву. Сан къам долчу Исраилан халкъан гІоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТІаккха цара Сан оьгІазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хІума дийр ду цигахь. ТІаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода