Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхарте кхочу Іесанаш а, Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а. «qac Хqac*алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ІиндагІехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагІийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна. Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кІел шайн кІорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ІиндагІехь дехаш дара. «Адаман кІант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дІадига, коше дІабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама. ДІаала цаьрга: „Шу хьанал гІолехь ду? ДІагІо цига, сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“. Мисар-мохк тІамехь байъинчарна юкъахь Іуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дІадигна хуьлийла.
Выбор основного перевода