Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло Суна гІо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьІаьржачу хІуттур воцийла. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чІагІонах а вуьззина ву Якъубан тІаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дІадийцархьама.
Выбор основного перевода