Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе.
Выбор основного перевода