Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу махкахь Нохьа а, Даниал а, Аюб а бехаш хилча а, Делан лаамехь шаьш хилар бахьана долуш, цара шайн синош кІелхьардохур дара, амма берриг а мохк цаьрга кІелхьарбаккхалур бацара». Иштта боху Везачу Эло. Цу гІаролхочо, шена мостагІий гича, коьман маІа а лекхна, шен нахе орца доккхур ду. Ас зуламечу стаге: „ХІей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьга жоп доьхур ду. Амма ахьа зуламечу стаге, шен некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедар динчул тІаьхьа, иза кхин дІа а иштта лелахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду». Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». Цундела ас тахана дІахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кІелхьара ца валахь, Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу.
Выбор основного перевода