Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза чІогІа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогІахь а, я ла ца догІахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Ас бохург цаьрга дІаала, цара ладогІахь а, ла ца догІахь а. Уьш аьрха нах ма бу. «Адаман кІант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хІума а ца хеза, хІунда аьлча уьш аьрха нах бу. Цу дийнахь хьан йиш хир ю цу кІелхьарваьллачуьнца къамел дан. ТІаккха хьо вист ца хуьлуш вуьсур вац, иштта царна билгало хилла дІа а хІуттур ву хьо. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». ХІинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду». Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цІа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цІа чохь сурт хІоьттинийла.
Выбор основного перевода