Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьайна хьалхара гуш дерг дІадаа, дІадаа и хьарчийна тептар. Цул тІаьхьа, ваха а гІой, Исраилан халкъе вистхила». ТІаккха Аса сайн бага гІаттийра, Цо соьга и тептар дІадаийтира. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьайн кийра Ас хьайга дІалучу хІокху тептарх буза, иза дІа а кхаллий». И тептар аса дІакхаьллира, тІаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода